Абузар Айдамиров...

Oct 27, 2011 14:18


                             Вуй те хьан, Абузар, дуьненахь мостаг1а?
            Хилла м хир дац цуьнан нана а, да .
                             Сайна а къа латий и дешнаш хаттарх.
                             Сиз хьаькхна царна т1е- байташ йо та!
                                                                            Алиев 1аьлви. 
Мел хала ду цхьанца а юкъаметтиг а ца талхош массера а шех лаьцна бовха дагалецмаш а буьтуш Дала шен яккха елла хан такха. Ишттарчех цхьаъ вара халкъ яздархо Айдамиров Абузар. Халкъан безам ца гуш вацар. Амма ала дог1у ша муьлхачу холахь хиларх ца йоьссина куралла даг т1е. К1еда мерза вара воккхачуьнца а жимчунца а. Оьшучохь болат санна ч1ог1а, ткъа цкъацца  бамб санна к1еда а.
Айдамиров Абузар вина Ножай -юрт районан Мескита олучу юьртахь 1929 шарахь.  Абузар дукха жима волуш  да чекисташ лецира. Барх1 шо гулагехь текхира цо. Иза ц1а веана кхо шо а далале махках бехира.
Юьртара юхьанцар ишкол чекхяккха а ларийра Абузар. Казахстанехь дахар массо а нохчийчун санна дара. Амма Абузар дешар а болх бар а цхьана нисделира. Нохчийчу ц1а ма веъи Абузар хьехархойн институте филологически факультете деа вахара. Дешна ма велли шайн юьртахь хьехархойн  балха х1оьттира. Тахана а хир бу шаьш цунца дешна бу ааьлла дозалла дан йиш ерш.
Абузар кхоллараллин некъ болаберила 1950 -чу д1адаханчу б1ешерийн юкъахь. Цуьнан дуьххьарлера  дийцар  «Къинхьегман байракх» ц1е йолчу газети т1ехь араелира Алма-Атахь 1955-чу шарахь.кхи ялх шо даьлчи ара йолу  «Ненан дог» повесть, цхьа шо т1аьхьа «Даймехкан  лаьмнашкахь» стихийн гулар.
Цуьна дуьххьарлера  йоккха роман  «Машаран ц1арах» араелира 1968 шарахь . 1аламат езаш т1еийцира иза ешархоша, амма критика йийриш а бацара к1еззииг. Цара ницкъ белира Абузарна шен некъа т1ера ца волуш  тоьлла йолу трилоги  язъян. 1972 шарахь хьалхара книга  «Еха буьйсанаш» зорбане араелира. Къеззиг хан юкъаюлуш  оьрсийн матте гоч йира иза. Дукха яра историкаша, литературоведша, политикаша язъйина рецензиш, къобалйитйриш к1еззиг бара, дукхахболчара интернационализмаца йоьзна цхьа а ойла яц бохуш бехке вора иза. Цу хенахь иза барам боцуш кхераме г1уллакх дара.
Ша цецвуьйлура Абузар цара шен бехк бархьама дага ца доуьйтуш х1ума ца дуьтукх бохуш.
Цо дуьйцура: Дагайог1ий хьуна кийсиг «Еха буьйсанашкара» Хиламаш хьере бина шайн ц1а г1ерташ болу нохчий хьалха г1оьртичи оьрсаша тоьпаш тухий халлак беш , юха боьвлча туркоша халлакбеш холчу х1иттийначохь, цхьанне а оьшуш ца хилар а хоуьйтуш, цигахь лазавокх коьрта турпалхо а, цига д1абаханчу нохчийн тхьамда волу Арзу. Соьга боху-кх абкома белхало волчу Гациговс: Оцу лазийначу Арзунна юххехь оьрсийчунна меттиг ца карийра хьуна?
Ас муха яздо - элира Абузара - иштта оьрси д1а а х1оьттина шен ц1а вахаг1ерт нохчо х1аллаквеш лаьтташ хилча- ас аьлча а кхета а ца туьгу.
Иштта хуьлура х1ора книга араяьлча а. Амма 1974 шарахь «Нохч-г1алг1айн къаьмнийн яздархо» ц1е елира.
2000 шарахь  винчу денца  Абузар винчу денца декъалвеш  вовшахкхеттачохь Шоипов Са1ида дийцира: 1995  шера юьхь яра. Тхо цхьадерш подвалаш чохь 1ара , ткъа 14 шо долу 1аднан цу чу ца вог1ура.  Хан яйа, еша киншка ехча, ас «Еха буьйсанаш» елира. Цкъа цхьана буса, йоьшуш 1аччохь , некха уьнт1ехь киншка а йолш набозийнера цунна. Оцу хенахь т1еетта  йолийра.
Корах чубеана пенах кхетта, юхакхоссабелла х1оъ нийсса к1ента некхауьнт1е кхеттеракх, киншкехь чекхбалаза а буьссуш. Иштта 1алашвира к1ант «Еха буьйсанаш» киншко.
Айдамиров Абузара шен произведенешкахь турпалхойн васташ  церан амалийн к1оргенашка а кхоьвдий кхуллура. Къома турпалхочуьн васт хьан хьежамехь муха ду аьлла Кацаев Сайд-Хьасана шега деллачу хаттарна Абузара  дела жоп иштта дара: Турпал къонаха ву шен г1уллакххошца шен къомана пайда беш вверг, машар бохьуш вверг шеен дай баьхначу лаьттат1ехь , вай нохчийн сий айдеш верг. Турпалнаш бу б1е эзарнаш вайн к1ентий мацах дуьйна схьа шайн  наной, йижарий, бераш, шайн Даймохк бахьанехь вайна т1едаьхкинчу т1емашкахь шайн синош д1аделларш. Т1екхуьучу чкъурана хаа еза церан ц1ераш.
Литературин мах хадор шега дехча Абузара элира: Къоман бецарш а, д1ах1оттамна бецарш а, шаьш шайна бецарш а. Хьалхарчу мог1арера к1еззиг бу, амма  шолг1ий кхозлог1ий шина декъа берш шортта бу. Шайн аьтту хилчхьана хьанна а баца реза бу уьш. Абузара билгалдира т1аьхьарчу хена хиламашна ша язйинчу произведенеш бакъ болчу турпалхойн васташ т1ехь кхоьллина хилар.
«Кхолламан цхьа де» ц1е йолу повесть Абузарх а цуьнан дех Абдул-Хакимах лаьцна яра бакъ болху хиламашна т1ехь.
Айдамиров Абузара сатуьйсуш цхьа х1ума дара: герзанца а доцуш шайн бакъ хьуьнаршца нохчаша шайн махкахь машар х1оттор. Цундела цо ешархойшна даимма а дагадоуьйтур  Кунта - Хьаьжас т1аьхьарчу т1аьхьенашка дина весет: цкъан-цкъа а герзанца ма къастаде шайна т1ех1оьттинарг.
Массо а къаъмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са цIена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лаза-мах кхечу къаъмнийн дог лазийта, диканах кхин къаъмнаш даккхийдейта. Цара шаъш бинчу кхоллараллин балхаца, къа-хъегарца, хъанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаъ-хъа иза делахъ а. Ишттачарех ву Нохчийн Халкъан яздархо Айдамиров Абузар.
Тахана вайца вац Айдамиров Абузар. Цуьнан кхалхарца боккха эшам хилла вайн къомана. Амаа вай тешна ду цуьнан кхолларалла дукха а болчу яздархошна а, поэташна а д1ах1уттург хиларх.

Лаура Устарханова

Чеченцы

Next post
Up