Адам а, насалла а.

Dec 13, 2019 11:36



Т1аьхьарчу деношкахь вайн Соьлжа-г1аларчу докхха маьждигехь кеста-кеста хуьлу хут1бангахь "шена диначу диканна хастам бан хьакъ хилар" хьехош. - Шена дика динчунна т1ера, цунна насалла лелош ца хилар, и дика дайтинчу Далла хастам беш ца хилар санна ду, Далла вай хастам беш ца хилахь Дала вайгара х1ар парг1ато, маршо (керахь йерг а) д1а йаккхарна кхерам бу - бохучу маь1нехь.

Кху дешошкахь, цу къамелан хьисап дечера, сан ойланаш йаханера Алинойн исторех лаьцна долчу дийцаршка.

Алийнойн Афинш олучу махкахь хилла цхьан тобанан баьчча Фамстокал. Масех хилла цу Афиншкахь тоба махкан хьалхе къуьйсуш, Фамстокал царехь цхьаннан баьчча хилла. Шен заманан нахана йукъахь х1илла доккха долуш, хьекъалан да лоруш хилла и. Цхьа мур 1отта белла цуьнан заманахь алинойшна т1е, церан махкашна малхбалехьа долу, дерриге махкаш шайн кога к1ел а дерзийна цу махкашкарчу массо къоман эскарш вовшах а тоьхна парсой хилла кхеран мохк баккха ара бевлла. Ницкъана шайш парсошка кхочуш боцу дела, х1иллийца г1арваьлла волу Фамстокал ваьккхина афиншхоша хьалхахьа. Аьлла Фамстокала - Вайн мохк хин йистехь бу, вайн ницкъ к1езг балахь а, вайн хинкеманаш а, уьш вайн хишчохь лелоран говзалла а церачул тоьла, вай вайн боллучу бахамах хинкеманаш дина царна т1ехь хьалхе йаккха йеза.



Инзаре эскар далийна хилла парсойн паччахьо, афинхойн мохк д1а баьккхина, церан шахьар йагийна, х1етте а алийнойн хинкеманаша хичохь ца толийтар бах1анехь эшна парсой. Цу т1амехь Фамстокало гулдина хинкеманийн эскар, цу эскаро парсошна т1ехь баьхна толамаш бах1анехь Афиншах шайн заманан уьггаре нуьцкъала йолчарех паччахьалкх хилла. Фамстокал цхьан тобанан бен баьчча ца хилла.

Мохк Фамстокала лоллабоьдучера баккхина х1етте а и цуьнца къуьсуш нах бу-кх, вац и цу махкахь паччахь - цхьан тобанан баьчча. Дош дуй и? Нийсо лаха, шен хьакъ шена насаллехь болчу махкахошкара лаха араваьллачу Фамстокала керла 1едал даьккхина Осторкимос - вайн махкана кхераме, новкъа болу нах махке кхаж тоссуш билглал а баьхна махках баха беза вай - аьлла. Осторкешт1е (гаьргашт1е) Фамстокало парсойн лолла дужучера даьккхичу адамо, шайна герагахь махкана кхераме волчу стаган ц1е йазан йезаш хилла, иштта нахана сов валар билгал даьлларг, шен ц1е т1ехь йолуш гаьргаш неханчул сов гулйелларг махках вар волуш.

Доьххьара афиншхоша Осторкимос йина махках Фамстокал ваьккхина.

люди и государство, история

Previous post Next post
Up