Apr 28, 2019 09:21
Вайна йаздина гина ду: Макажой - фалангхой бохург ду аьлла.
Фаланга - белш белшах гlортош могlарш а нисдина, гемукъийн зlанаршца шайн мостагl чехавеш, джамболат тоьхча а шек йолуш ва йоцу и пхьаран ножие санна лаьтташ долу бlонан дакъа ду.
Ша бечо тидам бина вайн маттахь лелаш йолу идиомаш «Бlо боьлла», «Бlо къажийна» цу бlонан декъехь долу хьал гойтуш хилар - Бlо буьлича цо мостагl охьу, Бlо къежча (бlонна йукъахь херош йевлча) и мостагlо охьу.
Ткъа хlинца вай боху: Макажошна шайн цlе церан тхьамданаша тlеман сихаллехь бетташ хиллачу буьран махьарех - (бlо) Ма къажо! Макъажо! Макъажо - йиссина.
Ткъа маlа - цу бlонан декъашхойн тlеман барзакъ уьггар чlогlачух хилар гойту билгалдош
этимология