Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:6-10 (Ин)

Jun 09, 2009 13:10

Дала цхьа стаг ваийтира,
цуьнан ц1е Яхьъя яра. (6)

Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера,
цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама. (7)

Яхьъя ша Серло яцара,
ткъя иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара. (8)

И бакъйолу Серло дуьнен чу йог1уш яра,
Цо муьлхха а адам серла а доккху*. (9)

Дуьненна юкъахь а дара и Дош,
Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера,
амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. (10)

* 1:9 - Я иштта: И бакъйолу серло яра, муьлхха а дуьнен чу дог1у адам серла а доккхуш.

Иоанн, Яхьъя, Инджил

Previous post Next post
Up