Jun 17, 2009 17:45
Цуьнга юха а хаьттира: "Ткъа хьо мила ву? Элиях1у-пайхамар вуй хьо?"
"Ивац со".
"Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?"
"Вац", - аьлла, жоп делира Яхьъяс. (21)
Т1аккха цара элира Яхьъяга: "Ткъа хьо мила ву, дицйцахья тхуна, тхаьш хьуна т1е хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна х1ун олу ахь?". (22)
Яхьъяс жоп делира Еша1-Ях1у-пайхамаран дешнашца:
"Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со:
"Везачу Элана хьалхара некъ нисбе"". (23)
Ткъа Яхьъяна т1ебахкийтинарш парушхойх бара. (24)
Т1аккха цара хаьтира Яхьъяга: "Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Элиях1у а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх х1унда боху ахь?". (25)
Иоанн,
Яхьъя,
Инджил