Jun 10, 2009 16:55
Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тёе ца ийцира. (11)
Ткъа, Ша т1е эцна, Шеч тешаш болчарна
Делан бераш хила бакъо елира Цо. (12)
Уьш я ц1ийх а, дер1ан лаамца а,
я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. (13)
Дашах адам а хилира,
Иза адамашна юкъахь 1аш а дара.
Т1аккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу К1антана делла олаллин нур.
Иза диканах а, бакъдолучх а вуьзна а вара (14)
Яхьъя*, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: "Х1ара ву ас шуна вийцинарг: "Сол т1аьхьа Вог1ург, сол лакхара а хилла, д1ах1оьттина, х1унда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара"". (15)
* - 1:15 Яхьъа - нах хих чекхбахийта Дала ваийтина Яхьъя ву иза. Делера болу хаза кхаъ д1аязбинарг изза ц1е йолу кхин стаг ву.
Иоанн,
Яхьъя,
Инджил