Iийас беана, Маттайс дIаязбина болу хаза кхакъ
18. Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Iийсан нана Маремм Юсупана ехна хила. Амма иза мааре яхале гучудаьлла Маремм Делан Синах доьзалхочух хилар.
19. Цуьнан хин волу майра Юсуп чIогIа оьзда стаг хила. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу заахало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хила.
20. Цо цу гIуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гIенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кIант Юсуп, Маремм хьайна дIайига мА кхера, хIунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.
21. Цо кIант вийр ву. Цуьнан цIе Iийса тиллалахь, хIунда аьлча Цо Шеен къам къинойх кIелхьардоккхур ду.
22. И шадерг а хила, Везачу Эло Шеен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тIера дешнан иштта дара:
23. «ЛадогIалаш! ЙоIстаг берах хир ю, цо кIант а вийр ву. Цуьнан цIе Iимануил хир ю. Иза «Тхоьца Дела ву!» - бохург ду».
24. Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико махьеххара, Маремм шена мааре схьаялийра.
25. Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кIентан цIе Iийса тиллира.