Дут1къа дато тай. Полина Жеребцован дийцар.

Apr 23, 2018 16:27

рассказ "Тонкая серебристая нить" на чеченском языке.




1ожалла - сан Бартхо, сан накъост шахматех ловзараллехь, сан тешаме хьаг1 йолу доттаг1, ткъа цул сов, уггаре безаме мостаг1 а. Ткъа 1ожалла шена гергахьа йеанчу хенахь, дахар а кхечу кепара го: цуьнан серло, кхетам а, доза доцуш хеталой д1ах1утту. Амма иза гена йоллушехь - кху тешам боцучу сатийсамечу дуьненах 1ехало ойланаш яьржа дагчу, дикка синкхетам кхоларе а беш.
Тхо вовшийн девзана дикка хан ю, сан бераллин г1енашкахь дуйна. Оха цхьацца къийсамаш латта бора, дора философски къамелаш, кхерстара г1ан-набарехь дуьхьалтуьйсачу дуьненашкахула, ткъа иза, дерриг и хадош, ц1еххьана, самах сан не1 тоьхна, дуьхьалх1оьттира суна. Нохчийчохь болабелира хьалхара т1ом.

Со г1ийла хьежара сайн г1алин урамашкахь эрчадаьхна 1охкучу адамийн декъешка, хьайбанашка а, ткъа церан тидам алсам мел болу, сан серлабаьллачу кхетамна хаалора: 1ожалла суна жимма т1ехьа х1оьттина йог1уш хилар - сан аьтто белшана т1аьхьа. Цунна лаара со а д1айига, амма даимна а цхьана х1умано новкъарло йора цунна. Къар ца луш, шен чулацамехь жимма а маь1на долуш санна, аса язйора сайн дневник, шена чохь эзарал сов аг1онаш а йолуш…
Ткъа иза, схьахетарехь, хьежара цуьнан т1аьххьара аг1о чекхъялара.

Амма иза ца ешаш къежа, нагахь цхьамма шена т1ом б1аьрга бан ца беза олучу хенахь. Ткъа цунна-м хууш ма ду, машаре дахар кху дуьненан адамийн исторехь, кху латта т1ехь, цхьана б1е шарахь бен ца хиллий.
1ожална ца веза шегахь доьналла доцург, кхоа во цо г1орасиз верг, амма зоь ниц1къбериг а.
Т1амт1ехь нисло дукха инзаре тамашийна, хьекъал т1екхуьуш доцу х1уманаш, т1аьхьо шайх деза халкъан дийцарш кхоллалуш.

Суна 1еминера хаза, муха йог1у т1емаялла шовкъале; муьлхачу секундехь, маца йа мичахь охьабужур бу йоккхачу тоьпан х1оъ; бага д1аелла езий хаара, нагахь к1оргехь оьккхуш йолу бомба луларчу пхоьазза т1е-к1елдинчу ц1енона т1еюжучу хенахь, хьайн лергийн пардонаш ца лелхийта.
Белла бахархой г1алахь мелла алсамо хуьлу дийна болчерал, нагахь т1ом баккъалла а белахь. Цундела дуьненин дозанаш, дийначарна йа беллачарна а, юкъара, сиха къайладовлу, амма цу т1аьххье бог1у синкхетам, цхьана а тайпана башхалла цахилар гойтуш, мифически «Вайх» йа «Церах». Бу «Уьш» - х1инцца хьалха хилла «Вай». Ткъа иштта ду «Вай» а,- муьлххачу секундехь хила там болуш долу «Уьш».
Аьтначу г1алин чалхашна юккъехула тиларчувахана кхерсташ волу философ,- сан романан декъахо, тхан ц1енона юххехь кибарчигех йинчу пешахь ваьгна волу, ткъа иза, ша декъахо хиларе терра, висира цу т1амна юкъахь. Иза т1епаза вайра цу заманан хенан меттигехь, цигара къайлаелира со а - к1урз-модех юьзна дейтта шо долу йо1, когашна чохь х1оьан гергаш йолуш, т1едюхина, даимна йолчу шелона дуьхьалонна, деза а т1уна духар долуш, ша цхьа т1ах-аьлла экханан к1орнех таръелла, наггахь арара лайлахь наб ян, кху г1алин йохинчу 1алаг1ожехь дааран хьожа кхета а 1емина йолу.

Т1амтехь яц къевлина наь1арш: уьш бухъяхна ч1ога лелхачу герзаша; яц цхьа а дуьхьало нехан х1усамашна, йа кхечу дуьненчу кхалха а. Ткъа нагахь цхьамма, цу Лакхарчу дуьненчохь волчо, хьераяллачу сихонца, х1ора сахьтехь санна, серло д1айойъуш хилахь вайн кхузара Бухларчу дуьненахь, т1аккха ч1огг1а дагахь латто, хаа а деза, цхьа дуккха а «забархой» т1еман духаршца, баьссачу урамашка арабовлуш хилар. Цкъаццкъа цара эккха герзаш дохку х1усамашка: ц1аьххьашха цхаъ эккхар вац те? - аьлла.
Цундела, цкъа мацца а хьалха х1усамаш хилла йолу аьтначу ц1еношна чувоьдуш, цхьацца консерваш лаха, йа матартесна т1уьна дама лаха, ларлуш лела веза мелла а меллаша, леррина хьайна хьалха а, иштта когашна к1ел а хьожуш. Нагахь айхьа тидам бахь дут1къачу датон тайх - мегар дац цуьнах хьакхавала: иза хьан билет ду хьуна цхьана аг1ор.

Иштта тайш хиллера инзаре дукха; уьш ша цхьа маша боьзча санна дара дукхахйолчу х1усамашчохь, амма сан аьтто хилира масийттазза царна т1ехула ког баккха: сан Бартхочо ца бира тешнабехк, даима а гуш воцуш суна уллехь вог1уш волчу. Ткъа сан Г1ала таръеллера детин гоьжанах, цхьа ша гуш доцчу 1аьржачу тай т1ехь техкаш йолуш санна, цу Д1аяханчу а, Х1инцалерчу ханна юкъахь доьзна долу.

Мокха доккха, бетонин экъанех дина долу ц1ено, дукха хан йоццуш дара пхоьазза т1е-к1ел дина еанхьа чувоьдийла йолуш, лахохьа, «Нефтянка» олучу социйла йолчохь. Къоланаш деш болчу тхан лулахоша дийцара, мел тайна пылесосаш (чанъузургаш), кузаш, пхьег1аш а, ю цигахь бохуш, амма, ша шахматех 1ожаллица ловзучунна хаьа, мел экаме ю цу «тайначу» х1уманин ч1аг1алла, иштта, цу х1уманех 1итталуш болчу хьекъалдоцучера дахар а. Вуьшта-м, т1елхигашца-м сан цкъа а бала бацара. Кхиндерг дара - даар.

Массо аг1ор го биллина, ч1агар юкъахь лаьтташ йолчу г1аличохь дацара, йа кхаллар, йа дуга, йа хи а. Оха мийлара дохдина дашина ло, иштта, массо а хенахь, лехара цхьа к1еззиг мукъане дама кароре сатуьйсуш, - цуьнах цхьа межирг тайпа бан дагахь.
Мокха ц1ено хийтира суна уггаре аьтто болуш лохучу х1уманна. Цуьнан лакхара этажаш, гравитаци законан муьт1ахь хиларе терра, буха чу яхкинера, ткъа лахарниш шайн куцехь йисинера, шаьш хьалха муха хилла дагалаьцча санна.
Дуьххьарлерачу не1арехула, когийн лазаршна астаг1алелхаш со чуяллачохь, 1уьллуш дара стеган дакъа шен чуьрчу духарца. Иза вийнера коьртах топ тоьхна. Цуьнан бат жимма йиллина яра, ткъа б1аьргаш хьежара цецдевлла ша цхьа х1ума ала воллушехь ца кхиъча санна. Жимма дехьо, куьгаш д1а-схьа тесна,1иллара зуда, кхи ши бер а, пхиъ-варх1 шо хила там болуш.
Тамашина х1ума дара, цхьа кхагаран, эчиган хьожу яра кхузахь йог1уш, х1ара байъинарш андроидаш болуш санна. Ткъа кухни чохь цхьана а тайпана даар дацара.
Беллачарна, сайн лаамехь, къинхетам, синтем а бехна, декъалбина, х1унда аьлча уьш, кху даима санна боьдуш т1ом болчу сатийсаме дуьненчуьра, мелла а соьл хьалха, д1акхелхина хиларе терра. Сайна т1ехула къекъаш йолчу т1еман эшаран г1овг1ане ла а доьг1уш, аса сихо йира,мацаллина техка а техкаш, кхечу не1арехула чуэккха, ма-дарра аьлча, аса х1ума яанза, мел к1езиг, диъ де дара.

Цигахь со т1е1оттаелира, къежйелла месаш йолуш, елла 1уьллучу зудчунна. Ц1еххьана, цхьа гуш доцчу куьйго цхьа нуьц1къала д1атеттича санна, со уче чохь, хьешан ц1енна т1екхачале, охьакхийтира. Яьгна, 1аьржачу ц1енкъахь 1уьллуш йолчу суна гира болатан тай.
Тай дара, сел дут1къа дато, ша маьлхан серло т1екхеташ цахиллехь, гойла а доцуш. Ванах, кхуьнах лаьцна цхьацца х1уманаш аса сайн ненанден библиотекехь малхбалера трактаташт1ехь деша ма дешна, аьлла хетна ойла коьртера д1ацаялара суна. «Х1ара-м дера ду, хьуна чура са хьан дег1ах д1атасар санна», - дагатесира суна, цу тен цхьа маь1иг т1еман гранатех д1атесна гича.
Масех де даьллачул т1аьхьа, аса сайна цхьана тайпана юург ца карийча дитина долу мокха ц1ено долчу к1оштахь, цхьа кегаре хилира: БТРашца баьхкина т1емалой, шаьш цхьа мехала болх беш санна, дазаллица, цу чу цхьа яьшканаш кхоьхьуш бара.
Тха лулахочо деца Азас, царна гена йоццуш хьийзашйолчу, хаьттира:
- Шу хьу деш ду?
- Эккхийта дохку! - делира доцца жоп.
- Х1у эккхийта?
- Ц1ено! Яхийтал кхузара! Юьстах!

Лулахой сихбелира къайлабовла, сихха кхечаьрга а хаийта х1инцца кестта массо аг1ор бетонан декъеш д1асакхийсалурдуйла.
Эккхар хилира нисса 13.00 сахьт даьлчи меттигерачу хенаца, цо вовшахъэдира т1улгаш, декъий а.
Тхо ца х1иттира тхайн х1усамашна чохь 1ан, ша геологически г1ат санна текхна орчу г1уш йолчу. Оха арадевлла тхайн багош г1аттира. Цецдовларна-м дера дацара иза - и дара тхайн лергийн пардош лардаран 1алашо хилар.
Ткъа цу кепара нуьц1къала эккхарах кхерам бара, лулара г1ишлош т1екхетарна.
 Уьш егийра, делахь а ирахь-м йисира.
Буха охьадуьжира цхьа шиъ корийн пурхе.

Автор Полина Жеребцова.
перевел рассказ Саид Джагларгинский.

АРХИВ, ВАЖНО, рассказы, Факты, Война, История, Грозный, книги, истории, чеченские дневники, журналисты, Чечня

Previous post Next post
Up