Mar 07, 2018 12:26
Хьуькъийла доlанан кеп хиларах терра, шен буха тlе далор хьамма - Хьийкъа.
Хьийкъа - дукха даран кеп хиларна тlе а доьгlна, маттахь цкъа даран кеп йайна хиларе ца хьоьжуш, и метта хlоттош - Хьакъа.
"Хь" аз "l" озаца хуьцуш меттан lедал хиларна тlе тевжина, кхузахь а и лелла хилла мегаш долу дела - lакъа.
Айса мацах "lа" - тlе кхоьллинарг, бухарниг хьулйинарг - аьлла тидна хилар а, "къа" - къастор, йеллар - аьлла тидна хилар дагахь а долуш.
Йалта Хьуькъийла бохург (и алар леларан маьlна а лоруш) - цу йалтанан хlора буьртиг дукха кхиъна белла а луш кхуьийла - бохург хила герга ду
Цунна йуххера, цхьан буха тlера лору вай lуьйкъа хан билгал йеш долу дош а.
Са дайча lа йаьржа, ткъа са даьржаш lуьйкъу хенахь lа йекъало.
массаллина
дукха даран кеп: вийла, лийса.
цкъа даран кеп: вала, ласа
Этимология