Mar 18, 2017 16:39
даьхнийн к1орнешна тайпа-тайпа бух болуш ц1ераш техкина вайн дайша. Царехь шин-кхааннах лаьцна хьахор вай.
Керарчу хенахь царна массарна ала мегар долуш йукъара ду К1орни аьлла ц1е йаккхар. К1орни з1акардаьхнийн к1орнийн ц1арна т1ера д1а йаьржина йолух тера ду, цуьнан буххехь цу к1орнеша йеш йолу г1овг1а йу: к1ор, к1ор, к1ор ... . Татане, Г1овг1ане дашнех терра, г1овг1а йешйолу х1ума билгал йар ду цигахь лоьхург.
Уьггаре ширачех Боьхькан ц1е хир йу. Шен заманахь даьхнийн йоллучу т1аьхьенах олуш хиллачух тера ду Бохь (йа Бо1). Адамийн а хьайбанийн т1аьхье кха-а декъе йоькъуш лелош вайн классан гайтаман аьзнаш хилла: Во1, Йо1, Бо1 (йа бацойн матта т1е дог1ча Вохь, Йохь, Бохь). Во1, Йо1 керарчу хене схьа деъна, ткъа Бо1 цхьан боьхькана диссина, цунна иза хьостуш Бохьиг аьлла дела лардина хила а тарло.
Иштта шен схьа даларан бух гуш йу К1езанан ц1е а: К1еза - жима. Шен хенахь хандош хилла лелла хир ду и, керарчу хенахь маттахь цуьнан масдар диссина - К1езиг.
этимология