Къа мел йа Къам ал

Apr 17, 2014 17:07


Схьахетарехь, ас сайна гергахь дуьххьара тидначу дешнех ду "Къамел" дош - Къа Мел аьлла. И кху интернет чу марзвеллачул т1аьхьа ас тидначу аг1ор дуккхамо и дош тидна хилар билгал даьлла суна. Ткъа х1инца цул т1ех кхоссавалар чу доьссина.

Х1ар дош тида керла некъ ги суна нохчийн маттахь адаман меженийн ц1еран бух х1ун бу те бохуш хьесап деш. И къамел бохучух тера бу аьлла хийти вайн Къамкъарг бохучу дешан бух. И къамел цу къамкъарг чуьра схьадолуш ма дай. Хьовсича вай цу оьрсийн матте (суна кхиниг хаахьара кхечунга хьовсур дара вай) цигахь ма го вайна "Говор" "Гортань" дешнийн мелла делахь а гергало. И нохчийн Къамкъарг, оьрсийн Гортань, оцу къамкъарго йеш йолу г1овг1а билгал еш йу, цуьнан г1арах тера.

Ткъа х1инца туьйранна т1е довр ду ва (харц хила тарлуш долчу тамашина къамел т1е)

Вайн мотт толлуш болчарна билгал даьлла вайн туркой меттанашакара т1еэцначу дешнашна хьалхахь Къ/Кх аз нисделча цунна метта Г1 олуш хилар. Вайн маттахь и Къ/Кх доллушехь и болх леларо гойту: цхьана муьрехь вайн маттахь 1адат лелла Къ аз Г1 озаца хуьцуш. Цу белхан бах1ана билгал дан атто бац. Кхечу къамнийн, шайн хьалхе дуьйна йозанах хоттаделлачеран, меттан талламаша биллгала гучудаьккхина и болх (ше цхьан муьрехь ознаш хицалуш хилар) тамашие ца хилар. Цу тайпа болх хилла, вайн маттахь, дешна хьалхахь лаьттачу "Р" озана а (хетарехь и "Л" озуо хицна); и билгал до и "Р" аз вайн меттан иттие дешан а хьалхах диссина ца хиларо. Ткъа Къ озана т1е вай юха даьхкича билгал дир ду вай и аз "Р" санна дешанхьалхехь къийделла ца хилар. Цуьнан бах1ана Къ Г1-ца хицар вайн массо диалекташкахь ца хилла хилар хир ду. Цундела цхьа дерш диссина шаьш ма хиллара. Ткъа хьовсур вай хицаделлачарга:

Г1ар - Къар. Г1ар - г1овг1а йу, Къар велла - г1овг1анах ваьлла.
Г1овг1а - Къовкъа. Къовкъа бохург стиглано Къиекъаш йечу г1овг1анах схаьдаьлла.
Г1ам-г1им дар - ша шега лер - Кхуза Къам-къим аьлла яздича и Къамел бохучунца цуьнан гергарло билгал долу
Лехча масалш кхин а каро тарло.

Дицинчух хоьттина, и Къамел боху дош Къам ал бохучу аг1ор тидар нисоха хити суна. Кхузара
"ал" ала бохучу дешах хилла хилар а хьохуш.

Этимология, Нохчийн мотт

Previous post Next post
Up