Вай дайши г1иллакхаш д1алелада деза вай.

Feb 06, 2012 21:20


 

Мацахь цкъа, генна д1аяханчу хенахь, цхьа к1ентий баьхна, шаьш безам кхобучу нохчийн йоь1ан сийлалла евзаш.. Цуьнан лерам-шайн лерам болуш...

Цуьнан эхь - цер эхь дара шуна.. Цуьнан бехк - цера бехк бара шуна.. Церан Сийн, церан Ирсан, церан Дахаран, церан Дуьненан, церан Доьналлин, церан Къонахаллин Да яра шуна нохчийн массо а оьзда йо1..

Къонахий болчу нохчаша, нохчийн йо1а шен коьртара йовлакх юкъатесча, машарца дерзадора шуна мел луьра а дов, дуьтура мостаг1алла.. Ч1ир йицъеш меттигаш а йог1ура..

Нохчийн йо1ехь цаьрна оьздачу ц1ийнан нана гина ца 1ара шуна, иза церан йо1, церан йиша, церан нана, церан хьомсар нус яра шуна..

Оьзда, ц1ена хуьлура церна заманехь к1ентан сийдолчу нохчийн йо1аца йог1у юкъаметтигаш.. Ма бохарна кхерам бацара, цара иштта вовшашка кхобучу, малхал бовхачу, сийлахьчу безаман буха т1ехь кхоьллина доьзалш!

Бакъду иза, вай заманахь санна, х1етахь а болуш бара хьарам, харц, ямарт, ледара, осала нах.. Нохчийн оьздачу йоь1ан хьовха, шаьш бинчу шайн хьомсарчу нанойн а сийлерам боцуш.. Амма уьш к1езиг бара.. Царех нах а-м ца олура..

Йохьан дай, къонахий алсам хилар ма дара гонд1арчу халкъашка цера хенахь нохчочун лерам бойтург а.. Ткъа нохчочух нохчо вийриг-цо йоь1ан, йишин, ненан, шен хьомсарчу несан, шайн рог1ехь цара кхуьнан-лерам бар дара..

Мичахь бу хинца и къонахий? Мичахь бу церан сийдан йо1арий?

Хьалха лера зама д1аяларх вайн хаа деза вай муьлш ду.. Вай дайши г1иллакхаш д1алелада деза вай.. Ойла еш хила..

Нохчи Чеченец Горянка Чеченка Традиция О

Previous post Next post
Up