Пахаев Мовлди. Нохчийн меттан алфавит хьеян мегар дац.

Feb 06, 2012 10:26


        Т1аьххьарчу 20 шарахь къелла яц нохчийн меттан алфавит тояран проектийн. Хетало, нохчийн маттахь язъян хууш мел верг х1ора а шена керла алфавит х1отто лууш ву техьа олий.

Аса дуккхаза а леррина ешна  «Х1инцалерчу нохчийн меттан графикин проблемаш» ц1е йолу статья а, цунна гонаха йоьдуш йолчу дискуссин материалаш а.

Статьях дерг аьлча, цу т1ехь юьйцуш йолу проблемаш йолуш  ю. Иттаннаш шернашкахь евзаш ю и проблемаш нохчитйн меттан хьехархошна. Комиссино билгал ма - даккхара,  дуьйцуш долчу элпаша «нохчийн меттан хандешнийн спряженин а, ц1ердешнийн легадаран а системехь.., аьзнийн хийцадаларан башхаллаш ган новкъарло» еш хилар а шеко йоцуш ду. И проблема а хьехархошна дукха хенахь дуьйна дика евзаш ю. И новкъарлонаш  оьрсийн алфавитан бух т1ехь нохчийн алфавит т1эцчахьана йолуш ю(1938 ш).

Цул совнаха афавита юкъара я, яь, ю, юь  «д1адахаран» проблема цхьаболчу дешархоша шаьш деша буьйлалушшехь «д1айоккхуш» ю. Нохчийн меттан хьехархошна дика бевза и тайпа дешархой. Юьхьанцарчу классашкахь (деа шарахь), цул т1аьхьа лакхарчу классашкахь, хьехархоша  ма язде бохушшехь, х1оразза а и г1алаташ нисдешшехь, оцу тобанна юкъабог1учу дешархоша йа, йаь, йу, йуь яздо. Хенан йохаллехь цхьаберш нийса яздан буьйлало. Цуьнан шен бахьана ду. И бахьана берийн, вай тидаме оьцуш боцчу, баккхийчарна бу - бац а ца хуучу, я дош а ца хетачу, цхьана а беран цхьатера боцчу, синх1оттамах (психологически особенности) дозуш ду.  (По восприятию информации дети делятся на «слушателей», «зрителей» и «деятелй»). Вай буьйцуш болу дешархой хьалхарчу тобанна юкъабог1у. Оццул нуьцкъала, барамал «сов» (?) ду церан «хазар». Иза я дешархойх, я вайх а дозуш дац. Еххачу заманахь берийн синх1оттаман башхаллаш (особенности психихологи) евзаш волчу хьехархочой, дешархочой беш болчу балхо дешархочун синх1оттам хийцарца («хазар» лахдаларца, «гар», «къахьегар» совдаларца) бен ца волу  дешархо нийса яздаран новкъа. Хета тарло, и тайпа хийцамаш лакхахь далийначу бахаьанашна а ца бича ца бовлу аьлла. Делахь а, кхузахь ала дог1у, вай юьйцучу тобанна юкъадог1учу берийн барам дешархошна юкъахь к1зиг хилар, «зрительшций», «деятельшций» буьстича.

Сан сайн а дуккхаза а ойла кхоллаелла, буйцуш болчарех цхьаболу хийцамаш бича дика хир дара, аьлла. Делахь а дешархошна алфавит, йоза, дешар 1амаран долуш долчу зеделлачо  тешийна, и хийцамаш бан мегарг цахиларх.

Я. яь, ю, юь, ё (т1аьххьарниг, вай хьеха ца деш дитчхьана, статья т1ехь нийсса билгалдаьккхина мА- хиллира,  цхьанна а, «ёлка» яздеш бен, дагадог1уш а, новкъарло еш а дац. Изза аьлла дита дезаш ду ы. щ а. Лаахь а, ца лаахь а бохуш делахь, и шиъ д1адаккхарца чекхъялийта еза реформа, алфавит тояр).)  И элпаш д1адахаро алфавит мел парг1атйоккху гуш ду статья т1ехь ялийначу таблице мА - хьаьжжина: 2 - 3 процент хир ю иза.  Комиссино тидаме эцаза дисина, оцу кепарчу хийцамо  (я. яь. ю, юь, ё метта йа, йаь, йу, йуь, йо яздаро) боккхачу барамехь дешархоша (дешархой боцчара а) яздеш долу  йоза а, цуьнца цхьаьна дешархойн  хин долу  г1алаташ а сов дохург хилар.

Оцу элпаша, статья т1ехь билгал ма- даккхара, «нохчийн метан хандешнийн спряженин а, ц1ердешнийн легадаларан а системехь аьзнаш хийцадаларан башхаллаш ган новкъарло еш, коьртачех йолчу  грамматически классан категорица дуьхьалонаш кхуллуш хилар» а шеко йоцуш ду. Делахь а иза а флфавит хийца  бахьана дац. Хьехаран процессехь и новкъарлонаш д1яхар хала а, чохе а х1ума дац. Ц!ердешнийн классаш а, хандешнийн спряженеш а юьйцучу хенахь, 1фминарг карладоккхуш а, г1алаташна т1ехь болх беш а, хьехархоша дешархойн тидам  т1ебохуьйту оцу элпаша шишша аз билгалдеш хиларна, йовзуьйту  цара кхуллуш йолу новкъарлонаш.

Комиссин логикица, аргументашца хьаьвсича, лакхахь далийнарш алфавитехь хийцамаш ца бан тоъал бахаьанаш дацара, кхин цхьа х1ума дацахьра. Ши аз билгалдеш долу элпаш оьрсийн маттахь а ду, алчи а, вай оьрсийн (кириллицин     бух т1ехь йолчу) алфавита т1ера схьаэцна ду.

Ххууш ма - хиллара, школехь хьалхарчу классехь нохчийн меттан а, оьрсийн меттан алфавиташ 1амор цхаьна (параллельно) д1ахьош ду.

Х1инца ялх шо кхаьчначу берийн кхетамца (гарца, хазарца) хьовса г1уртур вай ишттачу суьрте. Оьрсийн метан урокаш. Урокийн тема: Ши аз билгалдеш долу элпаш. Методически лехамаша хьехархочунна т1едиллина ду и тема  иштта хьеха: «Подумайте, дети, что будет с русским языком, если мы будем писать йа, йу… Если мы слышим рядом звуки й, а, то обозначаем эти два звука буквой я. Если рядом мы слышим звуки й, у, значит слово пишем с буквы ю…»   Нохчийн маттахь изза аьзнаш уллехь лаьтташ хилча, х1ун яздан деза, я х1ун яздийр ду ялх шо долчу дешархоша, муха кхето беза дешархой оьрсийн маттахь и аьзнаш цхьна элпаца билгал х1унда доху, ткъа нохчийн маттахь  шина элпаца х1унда яздо. Вай юьйцучу реформано нохчийн а, оьрсийн алфавит, йоза, дешар, меттанаш 1амор долчунна т1е а чолхе, эшаме дийр ду дешархошна. Оцу белхан  хьу  шернашкаь д1аер яц..

Я, ю элпашна т1ера ц1е йолалуш болу дешархой яздан а 1амале, шайн ц1е маца муха язъян еза а ца хууш буьсур бу. Юьхьанцарчу классашкахь хьехархоша яздо тетрадийн мужулта т1ера йоза. Цхьана тетрадаш т1ехь царна шайн ц1ераш цхьана элпаца, вукхарна т1ехь шина элпаца язйина гур ю (Яха, Юсуп, Йаха, Йусуп…).

Берийн синх1оттаман башхаллашка хьаьжча, уьш лакхахь бийцина «слушательш» хилла ца 1а. Царна юкъахь «зрительш» а, «деятельш» а бу. Церан информаци (хьоьхуш дерг д1алацар, цунах кхетар, йоза яздар) шайн - шайн башхаллаш йолуш ду. Цхьаболчу дешархоша нохчийн а, оьрсийн а  маттахь я, ю яздийр ду, ткъа вукхара шина а маттахь йа, йу элпаца билгалдохур ду изза аьзнаш… Керланаш ца кхоьлличи а,  юьхьанцарчу классшкахь долчу берийн проблемаш инзаре дукха ю.

Исторически гуш йолчу  заманахь  (нохчийн, оьрсийн меттан алфавиташ цхьана бух т1ехь мел ю) нохчийн меттан алфавит хьеян мегар дац (алфавитан бух хийца беза бохург дац иза).1илманчаша, журналистаща, яздархоша юьйцурш шайна гуш йолу проблемаш ю.  Вай уьш яц ца боху..

Алфавитан реформа юьйцучу хенахь,  уггара хьалха  тидамехь латто деза, коьртачу декъана алфавит оьшуш дерш 5 - 6 шо долу бераш хилар.
 Оцу проблеме  х1ора 1илманча, яздархо, журналист, хьехархо хьажа   веза бернийн синх1оттамехула, берийн б1аьргашца, берийн хазарца, церан кхетамца. Уггара хьалха уьш хьовса беза хьалхарчу клаасашкарчу дешархойн  синх1оттамехула: кхузахь буьллуш бу йоза - дешар 1амаран бух.

(Со ч1ог1а цецваьккхинчарех дара, нохчийн метан цхьаболу хьехархой (!) хьалхатоьттучу реформина реза хилар. Жимма ойла йича, со кхийтира: нохчийн алфавит зайлйозанан бух т1е яккха еза, аьлчи а «реза хуьлчу» баьхна хьехархой т1аьххарчу ткъа шарахь нохчийн алфавитана а, маттана а гонаха дуьйцуш долчу дийцарша).

Мел ойла йичи а сурт ца х1утту, «революционни» йоцчу кепара, я эволюционни кепара, алфавитехь хийцамаш муха бийр бу, «вайн х1инца лелаш долчу йозанца язйина»  нохчийн меттан а, литературин а учебникаш а, хрестоматиш а, берашна лерина йолу исбаьхьаллин литератрура а «ца йойъуш». Хьалха сана яздар цхьана заманна могуьйтур ду бахахь, оцу балхо проблемаш д1а ца йоху, алсамйоху, кхин а чолхе йо. Алфавита т1ехь   буьйцуш болу хийцамаш бешшехь,  учебникащна а, хрестоматешна а, дешархойн йозанан белхашна  а т1ехь г1алташ хуьлий д1ах1утту  я, яь, ю, юь яздар.

. Таханлерчу алфавит т1ера буьйлалуш бу вайн къоман исторехь цкъа а ца Хилла кхиамаш.  Нохчийн маттахь йолу литература, искусство, метан 1илма, нохчийн маттаца болх беш йолу интеллигенции: яздархой, 1илманчаш, хьехархой, журналисташ, артисташ,.. -  дерриге а, массеран некъ таханлерчу алфавит т1ера д1аболабелла бу. Цхьанна а ала дац, шеен кхиарехь тахана йолчу алфавито шена эшам бина аьлла.

Статья т1ехь бохучунна т1е а доьг1на, нохчийн йозанан истори нохчийн къам йоза ца хууш дисинчу муьрех лаьтташ ю (д1адаььллачу б1ешеран 60 - 80 - г1ий шераш юкъарадаьхча), ала мегар долуш ю. Алфавитца доьзна дацахь а, статья т1ехь далийначу, нохчийн къам йоза доцуш дисинчу шерийн муьрашна   т1етоха  мегар ду д1адаханчу б1ешеран 1944 - 1960 - г1а, 90 - г1ий - 2001 - рий шераш.  Х1инца алфавит хийцахь (я хийцамаш бахь, бен а дац),  цунна т1ахьа бог1у мур а т1етоха дезар ду оцу историна.

Пахаев Мовлди, Йоккха Атаг1а.

чеченский алфавит, местные авторы, Атаги, Мовлди, чеченский язык, Пахаев

Previous post Next post
Up