Originally published at
Чеченский сайт для детей и родителей. You can comment here or
there.
ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI
Г. Х. Андерсен
Перевод на чеченский Тамары Чагаевой
Ехаш-Iаш яра цхьа зуда. Цуьнан цхьа а бер дацара. Цунна чIога лаьара шен, жима а долуш, бер хуьлийла. Цхьана дийнахь къена зуда-бозбунча йолучу а яхана, цо элира:
- Суна чIогIа лаьара сайн, жима а йолуш, йоI хуьлийла. Дуьйцур дацара ахьа суна, иза мичара ер яра?
- ХIунда ца дуьйцу? - аьлла, жоп делира бозбунчо. - ДIаэца, хIара мекхан буьртиг бу хьуна. Амма хIара ахархойн кхаш тIехь болучух тера а боцуш, шайтайпа буьртиг бу. И буьртиг, зезагаш дIадуьйш йолучу кхийрачу кхаби чу дIабе, тIаккха хуур ду хьуна кхидIа хиндерг.
Read the rest of this entry »